Текст песни Тамила Сагаипова — Нана /слова

Обновлено: 26 июля 2025
Мелаша хьа наб ца йохош
Куьйгаш т1е хьуна барт олу
Дарбане хьа дега йовхо
Даимна са даг ца йогу

Са да1а со йина нана
Доьзална ехар хьо кхана
Г1енашкахь жимали кхидаш
Диталахь са парг1ат хьийза

Припев:
Нана хьо са ирсе серло
Нана хьо са ирсе серло

Тховса бен тидам ца хилла
Къоьжала месаш т 1е йоьжна
Лацалуш дагахь ша бина
Йоьлху со г 1айби т1е йоьжна

Са хаза са хьоме нана
Йижахьа биц бай хьай бала
Г 1енашкахь бералла леха
Дитахьа хьай са маршо еха

Припев:
Нана хьо са ирсе серло
Нана хьо са ирсе серло

Мелаша месаршъа хьостуш
Муьлу ас хьа дега марзо

Хьаналчу куьгех куьг хьокху
Эшара мог1анаш яздо

Йалахьа къинт1ера нана
Тхо кхиош ца кхиънехь йаха
Нена дог везачу дала
Эхартахь маршо ю аьлла

Йалахьа къинт1ера нана
Тхо кхиош ца кхиънехь йаха
Нена дог везачу дала
Эхартахь маршо ю аьлла

Припев:
Нана хьо са ирсе серло
Нана хьо са ирсе серло

Оставьте комментарий